Хьарамло - иза Дала ца магийначу новкъа лелар ду : харцо лелаяр, къола дар.
Сан кхетамехь - хьарамло хьо санна волчу бусулбачу стагана ахь беш болу тешнабехк бу.
Ахмадов М. текст т1ехь вайна го 4-5 предложенехь Висадин каракхаьчнарг кхуьнна доцу ахча хилар, ахча и шен дита г1ерташ хилар. Амма 8-9 предложенехь даго ца вуьту иза цу ахчанах х1умнаш эца. 14-чу предложенехь авторо билгалдаьккхина хьарам рицкъанах ларвала веза, ц1арах санна ,- аьлла .
Дахарера масал далош, ала лаьа вайн мехкан куьйгалхочо а , 1еламнаха а оццул хьехамаш барх схьацалоцу кегийчу чкъоро. Хьарам новкъа боьлху уьш , нахана Сингаттам а боккхуш.
Вай дийцинчун жам1 деш ала лаьа, Дала харцонах а , хьарамлонах а лардойла вай !